Этнографический диктант
28.02.2019Тахана ишколехь дlаяьхьира Мамакаев Шамсуддинан Iаьрбин дахарх а, кхоллараллах а лаьцна "Сан дог, хьо деттало къахьоьгуш халкъана".
Тахана НР-н массо дешаран хьукматашкахь д1аяьхьира массарна везаш,вевзаш волчу Мамакаев Шамсуддинан 1аьрбин 100 шо кхачарна лерина йолу этнографически диктант. Соьлжа-Г1алийн номер 27 йолчу школан белхалоша а, церан дайш-наноша а жигара дакъалецира и диктант язъярехь. Диктант язъечарна хьалха х1оттийна 50 хаттар дара. Диктант язъечеран аьтто хилира Мамакаев 1аьрбин дахаран, кхоллараллин тайп-тайпана аг1онаш йовза.